World News in Chechen
TITLE

ЭрдогIан: Туркойчоьно "террористех дIацIандийр ду шен дозанаш

Шемаца лаьтта Туркойчоьнан дозанаш террористех дIацIандан чIагIо йина пачхьалкхан президенто ЭрдогIан Реджепа. Шеман къилберчу Афринехь операци йолийна шолгIа кIира доладеллачу кIирандийнахь дина и дIахьедар куьйгалхочо. Ша куьйгалла дечу партин съездехь вистхуьлуш, ЭрдогIана дIахьедина, Туркойчоьно терго латториг хиларх дозанаш цIандийна ма девлли Шеман мухIажарш шайн махка берза аьтто барна тIехь. Iамерко агIо латтош, курдийн дакъоша дIалаьцначу Афринан кIошташкахь тIемаш дIахьош ю Туркойчоь.






Заголовки

Заголовки