Нохчашна гIело йийриг? Муха "эшна" Туркойчоьнца яхье ваьлла Кадыров ТIаьххьара хан тIекхаччалц мотталора Нохчийчоьнан куьйгалхо доттагIаллехь ву Туркойчоьнца а, цигарчу хьаькамашца а: бегаш ма баций Кадыров Рамзанан воIа ЭрдогIан Реджепна езаш йолчу кино чохь васталг ловзор. Цу тIе, кест-кеста Нохчийчу лелара, хьеший бой Iедалхоша тIеоьцура туркойн гоьбевлла актераш – оцо а хоьтуьйтура Кадыровн туркошца тоьлла юкъаметтигаш ю аьлла. Ткъа иза дерриг а хилла ша тIехь йоьттина гIала. Таханлера Нохчичоьнан куьйгалхо мел гIертарх а ца оьцу Туркойчоьно тIе, ца лору иза шен къоман баьчча. Читать полностью...