Литван дозанхоша чу ца буьту къайлаха шайн махка кхача гIерта мигранташ Литван дозанхоша шинарин буса юхаберзийна, Беларусера, доза а хадош, шайн махка кхача гIерта иттаннаш мигранташ. Цуьнах лаьцна хаам бина LRT телеканалана комментарий еш Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министран когаметто Абрамавичюс Арнольдаса. Оршотан дийнахь Литван чоьхьарчу гIуллакхийн министралло омра арахецна официалан талламан-чекхволуьйтучу меттигашкахула а ца богIуш шайн доза хадо гIоьртинчу нахана дуьхьал ницкъ баккха бакъо луш. Дозанхой декхаре бина и нах талламан-чекхволуьйтучу меттигашка хьовсо. Читать полностью...