Саакашвили Михаил дуьххьара ша кхелана хьалха хIоьттина Тбилисехь ГIадужу-бутт болалуш махка цIавирзинчул тIаьхьа лаьцна волу Гуьржийчоьнан хилла президент Саакашвили Михаил оршотан дийнахь дуьххьара ша кхелана хьалха хIоьттина Тбилисехь. Иза суьде валийра Гори гIаларчу тIеман базин дарбанан цIийнера. Цигахь дарба лелош ву иза, набахтехь цхьана баттахь ша мацалла хьегар сацийначул тIаьхьа. Саакашвили набахте хьажийнера, хьалхо, иза дуьхьал а воцуш, хиллачу суьдо цунна хан тоьхна хилар бахьана долуш. ХIинца кхел керла гIуллакх луьстш ю цунна дуьхьал. Саакашвили бехке веш ву даржехь харцо ярна... Читать полностью...
Генерал-полковник Алексей Воробьев высоко оценил подготовку кинологов Росгвардии к предстоящим соревнованиям по профессиональному многоборью