Лоьрийн тоьшалла: Навальныйн могашалла боккхачу кхерамна кIел ю Набахтехь шена тIе лор цавитарна мацалла кхайкхийначу оппозиционеран Навальный Алексейн могашаллах сагатдечу лоьраша социалан машанашкахула йовзийтина цуьнан цIийн анализ, хаам бо Би-Би-Си радионо. Лоьро Васильева Анастасияс тоьшалла до Навальныйн цIийца калий сов хиларх – дог сацарна кхераме ду иза. Социалан машанашкахь шорлуш бу тутмакхна Навальныйна сихха медицинан гIо кхачор доьху кхайкхамаш. Навальный набахте хьажош кхело бина сацам низаме бирзина а бац цкъачунна, амма цунах иза аппеляци йина а валале тутмакх вина. Читать полностью...
Генерал-полковник Алексей Воробьев высоко оценил подготовку кинологов Росгвардии к предстоящим соревнованиям по профессиональному многоборью