Полисхойх летта Джумаев Сайд-Мохьмад лаьцна латтор дIадахдина Оппозиционере Навальныйгахьа Дечкен-беттан 23-чохь Москвахь хIоьттина хиллачу гуламехь полисхойх латарна лаьцначу Джумаев Сайд-Мохьмадан лаьцна латтор дIадахдина. "Шина кIиранна гергга хан тIетоьхна. Охан-бутт боьрзуш цхьалхадала тарло гIуллакх аьлла хета тхуна", - довзийтина Джумаевгара хьал "Кавказский узелна" цуьнан ненайишас. Талламчаша тIебаьхьинчу бехктакхамо бахарехь, Джумаевс Навальныйгахьа хIоьттинчу гуламехь шина ОМОН-хочунна а, цхьана полисхочунна а дуккхаза а тоьхна. Хьалхо хаам баьржира... Читать полностью...