Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу лерринчу операцийн жамIаш довзйитина президентан векала Чайкас 2020 шарахь Къилбаседа Кавказехь ницкъхоша 1,5 эзар лерина операци дIаяьхьина, вийна 45 тIемало, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан векала Чайка Юрийс. II3 низамехь йоцчу тобанийн декъашхо лаьцна, уьш терроран тохарш, низпмхошна, маьршачу бахархошна тIелетарш дан гIерташ лелла, боху REGNUM агенталло, Чайкас бинчу хаамна тIе а тевжаш. Федералан гонан куьйгалхочо дийцарехь, буьйцучу нахера даьккхина 900 герз а, 120 эзар патарма-хIоъ а. Хьалхо хаам баьржира 2021 шеран Дечкен-баттахь Нохчийчохь хIаллакйина тIемалойн тоба... Читать полностью...