Соьлжа-ГIалин мэр шен гергарниг хIоттош ву Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалин мэран дарже шен дешичин кIентан, 30 шо долчу Кадыров Хас-Мохьмадан кандидатура кховдийна. Хьалха иза вара республикан куьйгалхочун а, Iедалан а администрацин куьйгалхо. Кадыров Хас-Мохьмадах мукъадолучу дарже хIоттош ву экономикан, территори кхиоран а, йохк-эцаран а министр Iийна Таймасханов Галас, хаам бина Зазкдоккху-беттан 1-чу дийнахь мехкан куьйгалхочун пресс-векалто. Даржехь хийцина Кадыров Рамзанан шича, Шелан кIоштан куьйгалхо лаьттина Ибрагимов Турпал-Iела а. Читать полностью...