Адамийн бакъонашкахула йолчу Женеван форумо совгIат лур ду Навальныйна Адамийн бакъонашкахула а, демократихула а йолчу Женеван форуман цIарах майраллин преми делла Навальный Алексейна. Оппозиционеран штабийн куьйгалхочуьнга Волков Леониде даийтинчу кехата тIехь бина и хаам. Кху шеран Мангал-баттахь хир йолуш ю совгIат дIалуш хIоттийна церемони. Форум вовшатхухучеран кехат тIехь яздарца, Навальный "нийсонехьа, адамийн бакъонашкахьа къийсам латтон дуьне иракарахIоттош волу дела хаьржина ву". "Кеста маьршаваьккхинчу цо ша схьаоьцур ду совгIат, видеоинтервью а луш" аьлла, дегайовхо ю церан. Читать полностью...
Авиабилеты со скидкой 50%: до окончания распродажи крупнейшей частной авиакомпании России осталось несколько часов. А вы успели?