Шена йиттинчул тIаьхьа дагестангера дIавахана Навальныйн агIонча Оппозиционан политикан Навальный Алексейн штаб Дагестанехь схьеллар цкъачунна дIатеттина цхьана ханна. Штабан куьйгалле хIотта везаш хиллачу жигархочо Аблякимов Руслана дина цунах лаьцна дIахьедар. "Кавказский узел" агенталле цо дийцарехь, ша муьлхачу организацин цIарах ву лечкъа а ца деш, штабана лерина хIусам лоьхучу цунна массара а цхьацца бахьанашца дуьхьало йора. Цхьаъ реза хиллера цуьнга ханна мехах шен шIишло яла, амма куьйгаш яздечу дийнахь реза ца хиллера иза а, "шеца зIене нах бевллера" аьлла. Читать полностью...
Туроператоры назвали направления, куда россияне поедут отдыхать на майские праздники: некоторые страны удивили