Советан маршал хиллачу Коневна хIоттийна хIоллам вовшахбаьккхина Прагехь Советан пачхьалкхан маршална Конев Иванна хIоттийна хIоллам вовшахбаьккхина Чехин коьртачу гIалахь Прагехь пIераскан дийнахь. Цу хьокъехь сацам бинера стохка Прага-6 гIалин кIоштан кхеташоно. Иза вовшахбоккхур болу де билгалдаьккхина дацара. Прага-6 кIоштан куьйгалхочо Коларж Ондржейс хIоллам дIабаккхарна комментарий йина: "Цуьнан юьхьтIехь туьтмIажиг яцара. Низам лардан деза массара а – ураме вала йиш яц, бага а, мара а хьулбина бен". Чехехь карарчу хенахь коронавирус бахьана долуш юкъаяьккхина ю дерриг а къоман карантин. Читать полностью...
Мы помним, мы гордимся: «585*ЗОЛОТОЙ» представила проект «Книга памяти» с историями из семейных архивов сотрудников