Шайн боцу бахархой чубуьтур бац Соьлжа-гIалин аэропорто Шайн мехкан бахархой а, ханна регистраци йолу нах а бен тIеоьцур бац тахана, Заздоккху-беттан 27-чу дийнахь дуьйнна, "Грозный" аэропорто. Социалан машанашкахь аэропорто шайн агIонехь бина ишта хаам. "Вайнах Авиа" компанин пресс-гIуллакххоша билгалдаьккхина, коронавирусан инфекци яржарца доьзна, декхаре ду шаьш ишта низам тIеэца аьлла. "Дехар до шуьга, билгалъяьккхинчу категори юкъахь шаьш дацахь, эрна билеташ ма эцахьара аш. Нагахь хьалхо дуьйнна эцна хиллехь а, юхало", - яздо "Вайнах Авиас" шен Инстаграмерчу официалан агIонехь. Читать полностью...
Генерал-полковник Алексей Воробьев высоко оценил подготовку кинологов Росгвардии к предстоящим соревнованиям по профессиональному многоборью