Добавить новость
World News in Chechen
TITLE

Оьрсийчохь уггар даха лууш къам ду нохчий

Оьрсийчохь шен лаамехь Iожалла тIеоьцу уггар дукха бахархой беха меттиг ю Алтайн махкахь, хаам бо Chslovo.com сайто. Цигахь вехачу хIора 100 эзар стагах 54 вахархо велла ша шена тIе куьг даьхьна.  ШолгIачу меттехь бу цу гайтамехула Забайкалан мохк – 50 стаг хIора 100 эзар вахархочун юкъахь. Уггар гIоле хьал ду Нохчийчохь. Стохка хIора 100 эзар стагана юкъахь ша шена тIе куьг дьахьна велла республикехь цхьа стаг. Иштта гайтам бу Астраханан кIоштахь а.



Загрузка...
Заголовки

Заголовки