ОвхIанистанехь динчу эккхийтарехь беллачийн терахь 62 даьлла ПIераскандийнахь ОвхIанистанан къилбаседанерчу маьждигехь динчу эккхийтарехь вийнарг мел лахара а 62 ву, иттанашкахь бу лазийнарш аьлла пачхьалкхан Iедалхоша. Цкъачунна цхьана а тобано дина зулам шена тIелаьцна дац. Нангархаран губернаторан векало бахарехь, билггал хууш дац эккхийтар динарг Iожалхо-террорхо хилла, йа кхечу кепехь дина тIелатар ду иза. Могушаллин министраллан векало дIахьедарца, бераш а ду лазийначарлахь. Маршо Радионо яздира пIераскандийнахь, ОвхIанистанан малхбалерчу маьждигна... Читать полностью...