Тюменехь теллина даьлла нохчаша полисхочун еттарх лаьцна гIуллакх (видео) Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Тюменера урхалла теллина яьлла, пIелг а кагбеш, полисхочунна еттарна нохчашна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх, хаам бо ZNAK интернет-газето. Талламан версица, 2018-чу шарахь Марсхьокху беттан 8-хь полисхошна а, нохчашна а юкъахь дов иккхина хилла Тюменехь Тура хина тIехула дехьаваларехь. Цигахь болх беш волу 4 нохчи а, 2 полисхо а вара леттарг. И бахьана долуш полисхочо тапча тоьхна лазийнера цхьа нохчо, ткъа нохчаша йиттина цхьа полисхо тIаьхьо реанимаце кхачийнера. Читать полностью...