Ловзаргахь летта Дагестанские огни мэран когаметта а, Дербентан мэран хьехамча а Дагестанехь прокуроран гIоьнчо зуда ялийна меттиг дIайирзина, там боцург а хуьлуш, хаам бо «Регион online» сайто. Ловзарга кхайкхина хилла тайп-тайпана хьеший. Лараме хьешашна юкъахь хилла Дагестанские огни галин мэран когаметта Назаралиев Эльдар а, Дербент гIалин мэран хьехамча Бремов Брем а. Малар тIехдаьллачул тIаьхьа цхьаъ къийса волавелла и шиъ. Корта бахийначу мэран когаметто Дербентан мэран хьехамчан юьхьтIе водка тоьхна, амма цунах тоам а ца хилла, шен дуьхьалончан коьртах малар чохь долу шиша тоха а гIоьртина иза. Читать полностью...