ХIирийчуьрчу цхьана дарбан хIусамехь коронавирусах цомгуш хилла 24 медик Къилбаседа ХIирийчоьнан Ардон гIаларчу дарбан хIусамехь коронавирусах цомгуш хилла 24 белхахо, шайлахь 8 лор а волуш. Хаам шен инстаграм-агоIнехь баржийна оцу хьокъехь меттигерчу Iедало. Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь болийна кIоштан дарбан цIийно коронавирусах цомгуш хилла нах тIеэца. Бакъду, элира «Кавказ.Реалиига» гIалин куьйгалхочо Тотров Владислава, медикашна ун даьлла хилар тесташа гайтира и де тIе а кхачале. Тотровс бахарехь, хIинца цIахь, изоляцехь, дарба лелош бу медикаш. БуьритIехь... Читать полностью...