КхозлагIа кхечу набате дехьаваьккхина шена тIехь гIело латторах арз дина Нохчийчуьра вахархо
Талораш лелорна набахтехь даккха 11 шо тоьхна Нохчийчуьра вахархо Висангириев Сайд-Ахьмад кхозлагIа кхечу колони дехьаваьккхина. Хьалхо латкъамаш дира цо, шена тIехь набахтехь Iазапаш хьегийтарна. Карарчу хенахь чохь латтон хьелаш мел а ладаме даьхна цуьнан, шен доьзалца цхьанакхета аьтто а белира цунна.
Стохка аьхка Висангириевс дIахьедира Владимирскан кIоштарчу номер 3 йолчу колонин белхахоша шегахь латтийначу гIелонах лаьцна. Иштта цунна дуьхьал бехкзуламан гIулакх даьккхира шеца чохь латточунна йиттина аьлла...