Бакъоларйархошна дуьхьалваьлла Солтаев, Нохчийчуьра Путинан кхел. КIиранан жамIаш
Нохчийчуьра йедда хиллачу йоьIан гIуллакх, Уфахь "тIехьожург" лацар, ткъа Нохчийчохь Путинан цIарах кхел схьайеллар - цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна хIора кIиранах Маршо Радионо арахоьцучу подкастан 121-чу декъехь.
YouTube
Spotify
Overcast
Amazon
Audio
Баймурадован гIуллакхах хилларгОьрсийчоьнан бозуш боцчу бакъонашларъярхоша шайн цIарах кхайкхам бахьийтина Эрмалойчоьнан Ӏедалшка а, ницкъаллин структурашка а, Нохчийчуьра йедда Ереване йеанчу Баймурадова Iайшатан кхалхар эвсара таллар доьхуш.