500-зза къурд алар. Кехатан ахчана тIехь стенна оьшу Кадыровна Соьлжа-ГIала
Оьрсийчоьнан Коьртачу банко гIадужу-беттан 1-чу дийнахь дӀакхайкхийра керлачу ахчана тIетоха Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара цхьахйолчу гIишлонан сурт къастош онлайнехь кхаж тасар долийна аьлла. 500 сом кехатан хьалхарчу агӀон тӀехь Пятигорскера йезачух меттиг хир йолуш йара, шолгIачу агIонехь - Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара цхьахйолу гIишло.
ГIадужу-беттан 4-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехула кхайкхам бира "Грозный-Сити" комплексана кхаж таса аьлла...