"Жимма царна хьалха охьатаьIаш хилчхьана". Кадыровна муьтIахь болу спортхой
Дуьненайукъарчу спортан майданашкахь шайн хьуьнарш гойту Нохчийчуьра бахархой дукха хьолахь мехкан Iедалан куьйгакIел нисло. Кеп-кепара пачхьалкхийн цIарах лелачу спортхойн кхиамаш гойту Соьлжа-ГIалахь шаьш тIехь терго латтош хиларан а, Кадыровн рожо гIортор йеш хиларан а тоьшалла санна. Спортах пропагандин гIирс муха хуьлу а, дуьненайукъарчу турнирашкахь чемпионашна оцу тайпа "гергарло" а стенна оьшу а, къастийра тхан сайто.
Нохчийн спортхой карарчу хенахь доллу дуьненчуьра кеп-кепарчу мехкийн байракхаш бухахь лела.