Наха дийриг а шайна тIейаздар ду? Кадыров Адам а, ГIазза секторера бахархошна гIо дар а
Нохчийчохь мехкан куьйгалхочун 17 шо долу кӀант Кадыров Адам хӀоттийна ГIазза секторерчу бахархошна гӀоьнна луш долчу рицкъана тIехь тергойан. Регионера йозуш йоцчу гуманитаран инициативашна тоьхна дозанаш кхн дIа а дахдар хилира цунах. И сацам кеп-кепара тIеийцира, хеттарш кхолладелира, цу тайпа гӀуллакхаш цIена хиларх а, политикан бухца доьзна хиларх а лаьцна.
ГIоьналин фондаш дукха хиларца билгала йац Нохчийчоь. Цхьа миллион ах миллион адам дехачу республикехь ворхӀ организаци бен ца карайо ...