"Кхузахь ламасташ – урхалла ден гIирс бу": Нохчийчуьра зударшна керла дозанаш диттина
Нохчийчуьра Динан урхаллехь цхьаьнакхетар хилира зударийн духарш духкучу туьканийн а, хазаллин салонийн долахошца а, модин индустрин векалшца а. Бизнесхошка дийцира, муьлха реклама магош йу, духар муха гайта деза, муьлхачу кепехь болх бан бакъо йу моделашна, "дайн Iадаташ" а ца дохош. Хьаькамаша бахарехь, хазаллин а, модан а индустрихула "республикан имидж йохош йу", ткъа Iедалхой иза ца хилийта дагахь ду. Бизнесхошна официалехь варе дина - социалан машанашкара "товш йоцу" публикацеш дӀайаха аьлла.