Хьиджаб – мода йу, динехь тIедожийнарг ду, йа кхерам бохьу цо? Нохчийн зударийн дийцарш
Чиллан-беттан 1-чу дийнахь доллу дуьненахь билгалдоккху хьиджабан Де. Цуьнан Iалашо йу бусалба зударша йовлакхан лелоран хIун маьIна ду а, ишта цуьнца йоьзна стереотипаш йохор а. ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчохь хьиджаб тиллинчу зудчунна гонах къийсамаш бу, оцу кепара духаро "нахана кхерам бохьу" бохуш. Тахана хьиджаб – мода йу, йа динехь тIедожийнарг ду, йа кху заманан низамашна дуьхьал вийлар ду? Маршо Радионо листира и хаттар Нохчийчуьра зударшца цхьаьна – бусалба нехан духарна тIехула дуьйлучу девнашкахь кхечарел а алсам йукъагIерта цигахь.