Бертаза йиллийтина лайк: Нохчийчохь пачхьалкхан белхахой декхаре бина машанехь Кадыров хесто
Нохчийчуьра бюджетан белхахоша 50 миллион сов комментарий йитина мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан а, кхечу Iедалхойн а посташна бухахь телеграмехь а, Оьрсийчохь йихкинчу инстаграмехь а. Дуккха а шераш ду хьаькамаша зорбане дохучу йозанашна лайкаш хIиттор регионан бахархошна тIедожийна. Оцу йукъанна цу доллучо а мелхо а чам боккху нохчийн, бохура оппозицин блогерша а, жигархоша а.
Iедалхошна пайден йолу контент социалан машанашкахь хьалхатоьттуш верг ву Нохчийчохь къоман политикан, арахьарчу зIенийн...