Добавить новость

Хьиджабаш йехкарца доьзна Владимиран кIоштара депутатаца хиллачу цхьанакхетарх дIахьедина Делимханов Адама

Республикера кхечу депутаташца цхьаьна Владимиран кIоштан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волчу шен белхан накъостаца Игошин Игорьца цхьанакхетар хиларх дIахьедина Делимханов Адама. Iалашо хилла – дукха хан йоццуш цигахь дешаран хьукматашкахь хьиджабаш йехкарх лаьцна дийцаредар. Делимхановс чIагIдо, Игошин реза хилла "йукъахь цхьаьна питане омра йухадаккхийта" хьажа. Цунах лаьцна Делимхановс хаамбина шен телеграм-каналехь. Стенгахь хилла цхьанакхетар, Делимханов а, Игошин а воцург, кхин цигахь мила хилла а, билгалдоккхуш дац.
Губернаторы России



Заголовки
Moscow.media
Ria.city

Новости России




Rss.plus

Музыкальные новости


Новости тенниса







Новости спорта