Нохчийчоьнан муфтийс куьйгалла ден центр дуьхьал йу хьиджабаш лелор дехкарна
Къилбаседа Кавказерчу бусулбанийн координацин центро критика йина Владимиран кӀоштарчу дешаран министралло регионерчу дешаран хьукматашкахь хьиджабаш а, никъабаш а, муьлхха а динан духар лелор дехкар. Центро сацам тӀеэцна, и низам конституцица а, федералан низамашца а догӀуш ду, йа дац талламбан.
Владимиран кӀошт Оьрсийчоьнан дуьххьарлера регион йу "дешархочун динехь хилар гойтуш долу духар а, цуьнан элементаш а" лелор дихкина – цунах богӀу сацам зорбане баьккхина гIадужу-беттан 25-чохь. Регионерчу дешаран министралло хьесап дира...