Пензенский проект стал лауреатом Международного профессионального конкурса НОПРИЗ на лучший проект – 2023
Кадыровн хIолламна улло хьакхин корта биллина кхиазхо Краснодарера СИЗО хьажийна Москвахь веха Кудряшов Дмитрий Краснодарера номер 1 йолчу СИЗО хьажийна, гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан хиллачу куьйгалхочун Кадыров Ахьмадан Къилбан Бутовера хIолламна улло хьакхин корта билларна. Цунах лаьцна хаамбина ОВД-инфо ресурсо Кудряшовн дена тIетевжина. 19 шо долу Кудряшов Дмитрий Москва веанера Барнаулера. Baza телеграм-каналан хаамашца, Москвахь керла маьждиг деш ду аьлла шена хезначул тIаьхьа 15 шо долчу шен доттагI йолчу йоIаца цхьаьна акци хIоттон дагадеара цунна хьакхин корта Кадыровн хIолламна гергахь охьа а буьллуш. Читать полностью...
"Должны заплатить за свои преступные решения". Медведев озвучил возможный ответ на конфискацию русских активов