Дан ма-деззара таIзар ца дина ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьал талораш лелийначарна – HRW ХIинжа-ГIалара аэропортерхь жуьгташна дуьхьал лелийначу къепедацарийн маьIна дайдина Дагестанан Iедалхоша, ксенофобица къийсам латтон безаш хиларх дуьненайукъара декхарш тергал ца дина. Иштта дIахьедина Кавказ.Реалиига дуьненайукъара Human Rights Watch (HRW) бакъоларйаран организацино, къепедацаршкахь хиллачарна бина бекхам тоаме хетий аьлла, шайга деллачу хаттарна жоп луш. Республикин Лакхарчу кхелан хаамашца, гIалийн а, кIоштийн а кхелаша сацамаш бовзийтина антисемитан талорашкахь дакъалаьцначу 240-нна административан таIзар деш. Читать полностью...