Терроран тохар кечдеш хилла аьлла Германихь нохчийн кхиазхо лаьцна Немцойн федералан Бранденбург лаьтта тIехь 16 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла кIант лаьцна. Полицин хаамашца, Керлачу шарна леринчу базарахь терроран тохар дан Iалашо йолуш хилла иза. Иштта лаьцна ву боху цуьнан накъост а – 15 шо долу Къилбаседанера Рейн-Вестфалия лаьттан вахархо а. "BILD на русском" хьастан хаамашца, йукъахдаьккхина теракт кхочушдан лерина хилла гIуран-беттан 1-чохь – цунах лаьцна дIакхайкхийнера лаьцначех уггар а жимахволчу кхиазхочо, овхIанхойн орамаш долчу Д.Эдриса. "Исламан... Читать полностью...