Оксана Федорова представит премьеру фильма «Петербург Шаляпина и Рахманинова» на выставке-форуме «Россия»
ГIазза секторера мухIажарийн хьалхара тоба кхаьчна Нохчийчу Сектор ГIаззера ца бевллачу денна арабевллачийн хьалхара адамийн тоба кхаьчна Нохчийчу – 51 стаг ву царлахь, иштта 27 бер а. Меттигерчу хаамийн гIирсийн публикацешкахь "Палестинера мухIажарш" олу тIебаьхкинчех, хьалхо регионан Iедалхоша дIахьедора 250 гергга стаг тIелаца кийча ду шаьш аьлла. Республике балийначех – 38 Оьрсийчоьнан вахархо ву, 13 палестинхо, йаздо "Грозный-Информ" агенталло. Уьш дIатарбийр бу берийн могушалла тайаран "Горный ключ" центрехь. Баьхкинараш лоьрех чекхбохуш бу, уьш балха а хIиттор бу... Читать полностью...