Волгоградехь КъорIан дагийначу гIуллакхехула волайнхой бу аьллачу имамашка хеттарш дина Нохчийчуьра кхело Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагийча гIаттийначу гIуллакхехула шаьш волайнхой ду аьлла, дIакхайкхийначу меттигерчу пхеа имаме хеттарш дина Нохчийчуьра кхело. Цара дIахьедина, Журавель Никитас лелийначо "массо а бусалбанийн дог-ойланаш сийсазйина". Хьалхо республике дIакхачийна 19 шо долу Волгоградера вахархо политикан тутмакх лерира "Мемориало". ТIаьххьарчу кхеташонехь хеттарш динчара хаамбира, Журавеля динчо шайн сина зен дина, йаздо пачхьалкхан ТАСС агенталло. "Массо а бусалбашна хIара магийта йиш йоцург ду. Читать полностью...
Отец из Панамы, школьная любовь и любимая еда: Елена Борщёва раскрыла все тайны на шоу ТВ-3 «Вкусно с Анфисой Чеховой»