Нохчочо хьехархо Пати Самюэль верца доьзначу гIуллакхехула кхел йолайелла Францихь Францхойн историн хьехархо Пати Самюэль веран гIуллакхехула Парижехь кхелан процесс йолийна шеконехь хиллачу йалх кхиазхочунна тIехь. 2020-чу шарахь нохчочо Анзоров IабдуллахIа вийра Пати Самюэль. Боллу кхиазхой, Патис хьоьхуш хиллачу оцу колледжан дешархой бу. Къевлинчу рожехь дIахьур йолуш йу кхел, таIзаре хIиттийначийн цIераш йохуш йац, хIунда аьлча, уьш берриш а берхIийтта шаре бовланза хиларна, хаамбина "Новая газета. Европа" хьасто Reuters гIирсана тIетевжина. Къаьстина, бехкбуьллучийн версица... Читать полностью...