Тапча латторна таIзар динчу ГIалгIайчуьра вахархочо дIахьедина гIуллакх шен харцхьадаккхарх ГIалгIайчуьра вахархочунна Хамхоев Аланна Нохчийчохь шо хан кхайкхийна колонихь-поселенихь даккха, цуьнгахь карийна хилла патармашца тапча бакъо йоцуш цо латторна. ТаIзар динчо дIахьедина нохчийн талламхоша шен бехктакхаман гIуллакхца фальсификацеш лелийна аьлла. Динчу таIзарца, Хамхоевна 2022-чу шеран охан-беттан йуьххьехь хьуьнхахь ИЖ-79 тапча карийна хилла биъ патарма цхьаьна а болуш. Йуьхьанца цигахь, диттан хари чохь дIайиллина латтийра цо и, ткъа кху шеран зазадокхучу –баттахь Нохчийчуьра... Читать полностью...