"Ца лалун тергам латтабора". ГIалгIачо Яндиева Маринас дуьйцу цIера шен йадарх а, цуьнан тIаьхьенех а ГIадужу-бутт бовш дийца даьккхира ГIалгIайчуьра Яндиева Мадинех лаьцна: ницкъ бора шена тIехь аьлла, денцIара йеддера йоI. 2016-чу шарахь а гергарчех дIахаьдда цIера дIайахара иза, амма хIетахь шога Iуналла а деш, гергарчара йухайалийра иза, йуьйр йу шаьш "сий лардеш" баьхна а хиллера. Йуха йадар йоIана дирзира цуьнан гергарчара "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" Къилбаседа Кавказера филиалан юристана Аламов Мохьмадана кхерамаш а туьйсуш. Махкара арайолуш цо гIо дина хиллера Яндиевана, цунах лаьцна хууш хIума а доцуш. Читать полностью...