Юрий Афонин: Чтобы прекратить рост цен на авиабилеты, надо умерить аппетиты и авиакомпаний, и нефтяных корпораций
Терроризмана бехкехетарг вийна шаьш аьлла ГIалгIайчуьра ницкъахоша Терроризмана бехкехетарг вийна гIалгIайн Сунжехь, иза лаца хьийзачу хенахь аьлла, хаамбина пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло регионера полисхошна тIетевжина. Лазийна цхьа белхахо. Республикера къайлахчу сервисийн урхалло дIахьедина, тIемалочунна гIо деш хилларг вер тIечIагIдо шаьш аьлла. "Леррина операци йацара и, вуьшта иза лаца гIертара тхо, амма иза герз детта волавелира. СОБР-н белхахо лазийна", - билгалдаьккхина Кавказ.Реалиин регионера хьасто. ФСБ-н ницкъашца "СОБР-н белхахоша гIо а деш" лоцуш вара иза, тIетоьхна. Читать полностью...