Вийначу кисточун гIуллакх таллар йухадоладе аьлла кхайкхамбина Гуьржийчуьра бакъоларйархоша Паьнказан чIожехь леррина операци дIахьочу хенахь вийначу нохчочун Мачаликашвили Темирланан гIуллакх таллар йухадоло декхаре бу Гуьржийчоьнан Iедалхой, дIахьедина бакъоларйаран "Социалан бакъонан Центр" организацино. Талламбар дIадаьхьнера пачхьалкхан кхерамзаллин сервисо, цуьнан белхахоша леррина операци дIахьочу заманчохь лазийра Мачаликашвили, билгалдаьккхина организацихь. ГIуллакх талла а, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана сацам тIеэца а гIуллакх чолхе даьккхина талламо а, прокуратуро а дуккха а кхачамбацарш дитина хиларна... Читать полностью...