ГIаззе кхоалгIа а гIо кхачорах хаийтина Кадыровс – МЧС-н кеманца цуьнан йоI Хадижат йара Лахьан-беттан 17-чохь суьйранна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, ГIазза секторехь бехачу бахархошна лерина кхоалгIа гуманитаран гIо дахьийтарх. МЧС-н кема йуха а гIаьттина Соьлжа-ГIалахь – Кадыровс новкъадаьккхира кема, Соьлжа-ГIалара школазхойн дешаран департаментан куьйгаллехь йолчу шен шолгIачу йоIаца Хадижатца. Мисаран Эль-Ариш аэропорте мохь дIакхачон, "Путин Владимиран тIедожорца а, МЧС_н министран Куренков Александран тIедиллираца" ИЛ-76 кема билгалдаьккхинера, тIечIагIдо Оьрсийчоьнан чолхечу хьолан министраллехь. Читать полностью...