Доьзалехь ницкъбарх йедда йолу гIалгIайн йоI Эрмлочуьрчу полицера дIахецна Ереванерчу полицин декъе йалийна хилла 21 шо долу гIалгIайн йоI Зурабова Фатима маьршайаьккхина – доьзалехь ницкъбарх йеддера иза цу пачхьалкхе. Эрмлойчу баьхкинчу гергарчу нехан дехарца хеттарш динера цуьнга. Меттигерчу бакъоларйархошца цхьаьна и йоI кхерамазаллечу меттиге дIайигира, дийцина Кавказ.Реалиин корреспонденте кхерамехь болчу зударшна гIо дечу "Марем" боламехь. "Фатимин нана, ден ваша а деара полицин декъе. Полисхоша уьш цунна тIекъачийтира. Дерриг дика хир ду бохуш, цуьнга цIайола бохуш дехарш дора цара. Читать полностью...
Подмосковные проекты победили в Международном профессиональном конкурсе НОПРИЗ на лучший проект – 2023