Кремлан дарбанан цIийнера видео йаржийна Кадыровс. Девешин цамгарх дIахьедина цо
Карладаккхар: видео дIайазйеш дакъалаьцначу лоьрах а, дукха хан йоццуш Кадыровс деваша винчу денца декъалварх а, цу тIехь цхьа а цамгар ца йуьйцу цо, хаамаш тIетоьхна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийна, цу тIехь шен деваша Кадыров Мохьмад волчохь дарбанан цIийнехь ву иза. ЧIагIдарехь, видео дIайазйина Москвара президентан гIуллакхашкахула йолчу урхаллин дарбанан цIийнехь гезгамашин-беттан 20-чохь. Кадыровн могушалла эшна бохуш, хаамаш баржийначу йукъанна гучуйаьккхина йу видео.