Нохчийчуьра ши министр садаIа вахна "балхана пайде ца хиларна" – цхьаъ ву могушалла Iалашйаран министр
Нохчийчуьра могушалла Iалашйаран министр Лорсанов Сулейман а, Iаламан маьIданийн министр Лечхаджиев Анвар а цхьана хеначохь садаIа вахийтина "ханна балхана пайде вац" ваьлла. Оцу кепара кехаташна куьйгаш йаздина гезгамашин-беттан 19-чохь, мехкан урхалхочун Кадыров Рамзанан могушалла телхина йогIу аьлла, хаамаш баьржинчу йукъанна.
Кехаташ тIерачу хаамашца, Лечхаджиев мукъавитина гезгамашин-беттан 7-чохь, "балхана иза гунахь воцчу муьрехь" цуьнан декхарш кхочушдийр ду гIовс хиллачу Гадаев Алама....