Кадыров Рамзанан гонерчу нахана пачхьалкхан совгIаташ дина
Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира пачхьалкхан совгIаташ декъна Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу нахана. Кадыров Рамзанан гергара волчу, Соьлжа-ГIалин мэрана Кадыров Хас-Мохьмадна а, могушалла Iалашйаран министрна Лорсанов Сулейманна а орденаш йелла "даймахкана гIуллакхаш дарна" II-чу барамера, ткъа Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна – IV –чу барамера "Даймахкана гIуллакхаш дарна" орден йелла.
Оцу кепара омра зорбане даьккхина Кремлан официалан сайтехь.