Европан кхело компенсаци йалар тIедожийна Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийначу гейна
Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело сацамбина Нохчийчохь кадыровхоша лачкъийна хиллачу Лапунов Максимана компенсаци йолуьйтуш. Цуьнан гомосексуалан ориентаци бахьана долуш республикехь ницкъ бинера цунна тIехь. Оьрсийчоь декхаре йу цунна 52 эзар евро мах охьабилла, сацамбина кхело.
Лапуновн гIуллакхехула бина таллам эвсара бацара аьлла хета ЕСПЧна. Суьдо хьесап дина, адамийн бакъонех а, коьртачу маршонех а лаьтта Конвенцин артиклаш йохийна: 3-гIа артикл (Iазапаш цамагор), 5-гIа (маршонан а...