Петербургехь лаьцна Мусаева Заремина тIехIуттуш пикете ваьлларг
Санкт-Петербургера вахархо Кузьмин Дмитрий цхьааллин пикете ваьллера "Маршо ло Мусаева Заремина" тIейаздина плакат а карахь. Иза лаьцнера, тIаьхьо протокол а хIоттийна дIахецнера. Мусаева – нохчийн вежарийн-оппозиционерийн нана йу, полисхочунна тIелеттера аьла, бехкейина иза. "Мемориало" политикан тутмакх лерина Мусаева.
Неван проспектехь дIахьош вара Кузьмин пикет, Санкт-Петербургера гIалин думин гIишлона хьалха, хаамбина "ОВД-Инфо" гIирсо. Полицин белхахоша лаьцна, шайн декъе дIавигинера иза.