Авторан бакъонаш йохорна Нохчийчоьнан Iедалхошна гIуда тоьхна
Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министралло а, иштта "Вести республики" пачхьалкхан газето а 50 эзар сом охьадуьллур ду авторан бакъонаш йохорна. Суьрташ дохучаьрца йукъарлонаш лелош, церан суьрташ духкучу Волгоградера "Восьмая заповедь" компанино тIедожийна и. Кхело къобалйина иск, амма цара кхайкхийна мах шозза охьабаьккхина. Сацам бовзийтина марсхьокху-беттан 22-чохь, амма зорбане 24-чохь хIоттийна.
ГIуллакхан материалашца а догIуш, "Вести Чеченской Республики"...