Меттигера вахархо вийна аьлла нохчо лаьцна Францихь
Францхойн Тарб гIалахь лаьцна 23 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла жимстаг, иза бехкево Патрис цIе йолу меттигера вахархо вийна аьлла. Цуьнан цIийнан неIарна хьалха хьатI деттачу кхаа стагера бехкбаьккхича тIелетар динера цунна, хаамбо Францин прокуратурина тIетевжина DNA гIирсо.
Лаьцначун цIе йоккхуш йац, хIунда аьлча, ницкъахоша толлуш ду оцу гIуллакхца цуьнан воьзна хилар. Къаьстина, иза Тарбехь вехаш хилар, лаьцна марсхьокху-беттан 23-чохь Iуьйранна.
Вийна стаг товбеца-беттан 26-чохь, Байонн даздечу дийнахь ...