Путин а, Кадыровн кIант а Кремлехь цхьаьнакхетар
Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша волчохь тIеийцира нохчийн республикан куьйгалхочун 17 шо кхаьчна волу кIант Кадыровн Ахьмат. Цара цхьаьна даьхна сарташ шен телеграм - каналехула даржийра республикан куьйгалхочо.
Цу цхьаьнакхетарехь Кадыровн кIанта дийцира ша республикехь дIахьочу балхах лаьцна - шен 16 шо кхочуш дIаволавелла Ахмат берийн-кегирхойн боламан куьйгалхочун даржехь къахьега.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо схьадийцарехь, кIанте Путина дийцира цуьнан ден дех Кадыров Ахьмат-хьажех лаьцна.