Кадыровн Нохчийчохь цIийнах мел верг жоьпе озор: тIемалойн гергарчарна муха таIзар до Соьлжа-ГIалина юккъехь республикан вахархочо ДПС-н инспектор вийра, цунна шена герз диттира. Официалан версехь чIагIдо, ницкъахо ламаз дечу юкъанна вийна, тIелатар динарг вада гIоьртича вийна бохуш. Цул тIаьхьа республикехь дуккха а нах дIалийцар долийра, тIемалочун гергарнаш ницкъахоша лачкъийра. Лахьан-беттан 21-хь маьждигехь ницкъахочунна тIелатар дар республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIечIагIдира. Зорбанехь тIелеттачун цIе гучуйелира – 19 шо долу Закриев Мовсар хиллера и, цо вийнарг лахара лейтенант Джамалов Джабраил вара. Читать полностью...