Нохчийчуьрчу актерана ницкъбар листар тIедожийна Талламан комитето Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхалло юхаэцна нохчийн актёра Дебишев Тимура динчу орзана тIехула бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хуьлуш бина сацам – полисхоша шена еттарх, Iазапехь латторах дийцинера цо. Талламхочунна Абдулхаджиевна тIедиллина Дебишевн гIуллакхехула керла таллам бар. Кавказ.Реалиига Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьало латточу тобанан" филиалан юриста Романов Сергейс дийцарехь, Соьлжа-ГIаларчу кхело листа дезаш дара бехктакхаман гIуллакх делла дуьхьал хилар, амма талламхоша "шайн лаамца" юхаийцира и сацам. Читать полностью...
Минфин РФ: отсутствие интероперабельности - это препятствие к использованию ЦФА в международных расчетах
Депутат ЗСК Виктор Тепляков принял участие в круглом столе по вопросам развития туристической отрасли в Сочи