Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а хьаькамийн беза бахам хаабелла Дубайхь - таллар Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нехан долахь хилла Дубайхь беза чу-ара ца баккхалун бахам, информаци цхьаммо Iораяккхарца къастийра"Важные новости" ресурсо, и толлуш бара кеп-кепарчу мехкашкара 19 хаамийн гIирс. Къаьсттина, Forbes журналан оьрсийн тептарера совдегаран Байсаров Русланан, зорбанаша Кадыровн "бохча" олу цунах, 2020-чу шеран Дечкен-баттахь цIартIехь хилла Пальма Джумейра олучу гIайри тIера пхи петар а, хIорданехьа йирзина йоккха вилла а. Дубайрчу Байсаровн боллу бахаман мах бу 10 миллион долларш. Читать полностью...
Туроператоры назвали направления, куда россияне поедут отдыхать на майские праздники: некоторые страны удивили
Всероссийский субботник пройдет на территории сервисного локомотивного депо «Москва-Сортировочная» 27 апреля!